Hi Yiste Lyrics


теркаца суьйре ю хаза еъна

жима к1ант хин йисте йо1 ган веъна

безамо шен кийра ц1е латийна

исбаьхьчу аматах лаам хьегош

лаьтта йо1 мела хи б1аьргех 1енош

шен даго хьулдинарг к1антех лечкъош

эсала довха дог доьхна дайна

вист хилир жима к1ант синтем байна

ала йо1 х1ун бала хьоьга кхечна

бала бу сан коьртехь доза доцуш

сан наха хьо везар вита бохуш

сан кхоллар кхечуьнца боцар лоьхуш

тахана саготта ма хьийзалахь х1ай

кхолламе а дай хила хьакх эца вай

ширачу г1иллакхе ма кхийда вай

парг1ате зама ю вайх нах йинарг

харц эшо нийсонан некъ 1аминарг

хьо соьца д1а йола ас леринарг

къоналли ирс толо дешнаш хезна

хьомсарчу безамца дахар дезна

т1етайра жима йо1 б1аьрхиш лекхна

к1ента куьг кхетаза куьг схьа лецна

х1усаме боьду некъ юьхьер лецна

акхтаргийн 1индаг1ехь уьш д1а байра